|
назад
Акхаройх, олхазарех лаьцна халкъан кицанаш
- Г1аз т1аьхьа хьаьжчи Бекхи а ца воьхна.
- Барзах кхийрачу жа1ун жа ца дебба.
- Кхана хуттар ду аьлла г1елан ц1ога хоттаза дисна.
- 1аьхчи барзо боь, ца 1аьхчи 1уьно боь.
- Ницкъ болчу нело ц1оганца 1аь1а баьккхина.
- Къанъелчи аьрзуно пхьидаш луьйцу.
- Бух1анна дийнахь са ца гарна малх бехке бац.
- Зун к1орни санна ирча ву.
- Къанделчи лом ж1аьлин битме доьрза.
- Адамаша хабарш дуьйцура, цхьогало ц1ога хьийзадора.
- Хаза х1ума я аьлчи, къийго шен к1орни еъна.
- Кхийда ца дезачу кхийдана куьйгаш харцахьа кхийда, борз хьуьнах хьоьжа, когаш шаьш эха марзбеллачу оьху.
- Аьрзунаш лаьмнашкахь кхуьу.
- "Цхьа хан яра - аьлла барзо - цаьпцалгана кхоссаелчи, бага лекъ а дог1уш, ткъа х1инца лекъана кхоссаелчи бага цаьпцалг а ца йог1у".
- Борз мел дукха кхаьбчи а хьуьнехьа хьоьжу.
- Ка йолчу барзо ши уьстаг1 бигна.
- Юьртаца къийсина борз эшна.
- Шен боцчу махкахь эрано цхьогал ца лаьцна.
- Летчи барзо дуьйр ду, ца летчи дас дуьйр ду.
- "Суна хи ма даржаде" - аьлла барзо, шена лахахь хи молуш йолчу газане.
- Элан к1ант а ма кхуьийла, берзан к1еза а ма кхуьийла.
- Дика хьоза бенахь дека.
- "Дика х1ун ду?" - аьлла шега хаьттича, пхьагало - "Ж1аьлина хьо галий, хьалха ж1аьла хьуна гича ду-кх." - аьлла.
- Цкъа тоьхначу тоьпо шиъ пхьагал йийна.
- Къанъелчи борз цаьпцалгашка яьлла.
- Борз бехке елахь тамаш бу, чан лараш ю кхузахь.
- Муьлххачу а цхьогало шен ц1ога хестадо.
- Ши ча цхьана бенахь ца тарло.
- Цицигана хаьа, ша дума хьенан биъна.
- Хаьа къорза-къийгана ша 1а хьаьнца доккхар ду.
- Леча додуш а билгал ду.
- Кхераделла экха гена долу.
- Деллачу лечано хьоза а ца лоцу.
- Деллачу лечано къиг ца лоцу.
- Эсашка лацалур юй борз?
- Етт баарна ча бехке ю, хьуьнах бисарна етт бехке бу.
- Борз санна майра.
- Ча санна дера.
- Барзал майра, чал дера.
- Хьо цхьогал делахь а, цхьогалан ц1ога са а ду.
- Сира ю аьлла ца етта барзана, уьстаг1 биъчи етта.
- Хьалхехь г1аьттанчу хьозано з1ок ц1анйо, т1аьхьа г1аьттанчо б1аьргаш къерзадо.
- Леча г1ург1езах цец ца долу.
- Хьарг1анан т1ам санна 1аьржа.
- Дижна 1уьллачу цхьогална бага лекъ ца эккха.
- Барзо борз ца йоу.
- Чанах леттачу стеран ма1аш ц1огий дисна.
- Шина пхьагална т1аьхьа иддачу ж1аьло пхьагал ца лаьцна.
- Ларлуш болчу динна барзо х1умма а ца до.
- Борз ж1аьлина г1о дан ма еха.
- Борз 1аьнах йоьлла ю.
- Барзо, дагардинчех а, буьга уьстаг1.
- Декачуьра ч1об а сецца, са а хилла, хьалаг1атта.
- Мецчу барзо дахка а боу.
- Пхьагал цхьогалах кхоьра, пхьидаш пхьагалех кхоьра.
- Ларделахь тхо дела цхьогалах, мангалах, хьаьрсачух, мара аг1ор болчух.
- Адамаша ча а 1амайо.
- Берзан бага, цхьогалан ц1ога.
- Цхьогало шен ц1ога ца бехдо.
- Барзаца кхиънарг барзах уг1а.
- Къийгана хьажийнарг аттана кхетта.
- Дешин хиларх клетка ца еза хьозанна.
- Стиглахь йолчу г1араг1улел, буйнахь долу хьоза тоьла.
- Г1аш ведчи борз лацалур яц.
- Кхерина къиг куллах а кхоьру.
- Къена аьрзу бенахь лаца лур яц.
- Берзан багара яккхалур яц х1ума.
- Шена т1аьхьа г1ера йоцчу хенахь борз парг1ат хуьла.
- Барзо ка барзо санна туху.
- Жа барзах теший ма дита.
- Вайн чхьойриг чанал йоккха хилла.
- Доттаг1ий, хьаьжк1аш т1е гулъелла г1езаш санна бу.
- Зуна к1охцалий делла ж1аьлига ца яийта.
- Зуно ча шен бенара арайоккха.
- Зу санна ваьлла.
- Кха т1ехь пхьагал лацалур яц.
- Бух1анах леча хир дац.
- Борз сана уг1а.
- Пхьагал яханчухула т1аьхьа долу эр а.
- Куьйрано къиг санна лаьцна.
- Куьйрано к1орни санна лаьцна.
- Берза бага хилий ма 1е даиманна - наггахь цхьогалан ц1ога хила.
- Хьакха санна ма важа.
- Цхьана ч1ег1ардиго ца яхьа аьхке.
- Цхьа хьоза лацарх ца юза аьрзу.
- Моьлкъанах цецъяьлла х1уттут санна корта аг1ор а баьккхина хьоьжу.
- Хьалхе дека доладелла олхазар цициго лоцу.
- Мара аьрзунан з1ок санна бу, хьекъал т1ера доттал ду.
- Акха-цициг т1оьхлара къорза ду, адам чухула къорза ду.
- Хьоза клеткана чу ца хоу, клеткана т1е хоу.
- Хьозанах мел д1ай-схьай ийзорах г1араг1ули хир яц.
- Хьакха а мел дукха йижна 1илларх цкъа г1оттар ю.
- Чано санна хьаьшна.
- Барзах кхерахь хьуьнах ма г1о.
- Барзах веддарг чана т1е 1оттавелла.
- Къиг меттахяьккхича леча шен метта хоу.
- Хьо уьстаг1 хилахь баа борз карор ю.
- Къена къиг эрна ца ека.
- Дош хьоза дац, багах даьлчи лацалур дац.
- Элан хола бахь, къиг т1ехуур ю.
- Цхьа мас бен йоцуш ца до хьоза а.
- Цициг санна акха, пхьагал санна стешха.
- Хьуьн чохь ча ю, ц1ахь десте ю.
- Къийго къийган б1аьрг ца боккху.
- Т1аусан мас латийна къиг санна кечъелла.
- Д1ахецна хьоза юха лацалур дац, д1аяхна хан юха йог1ур яц.
- Г1езах хьакхин доттаг1 хир яц.
- Барзана т1ехь а ю кетар, амма охьаюьллуш яц.
- Йиш хьозано санна локхар ю, болар г1ург1езачух тардийр ду.
- Пхьагалан лорах вахчи чан хари чу а нисло.
- Уьстаг1 к1уьно буьгу, барзах дегабаам бо.
- Барзо санна йоу, пхьагало санна болх бо.
- Дикачу таллархочух экха дода.
- Кара1еминчу барзах а г1оьнча хир вац, гечдинчу къуьнах а тешам бац.
- Муьлххачу а экханах тешам бац.
- Берзалоша говрах къа а хетта, ц1огий, кхес дитна.
- Ардангана юкъа нисвелчи уьш санна уг1а, я хьесталуш ц1ога лестаде.
- Муц1ар чекхйолачхула хьакха ша а чекхйолу.
- Ча а елий ма йохка ц1ока.
- Пхьагална т1аьхьа ваьлларг барзана т1е1оттавелла.
- Хи доцуш йисначу г1езехь доллу хьал ду зуда йоцуш висначу стагехь.
- Оцу дехко оьпанан бенара а яхьар ю х1ума.
- Т1ам бойчи аьрзу яда луш яц.
- Борз цергаша юзайо, пхьагал когаша к1елхьара доккху.
- Барт болчу реманна борз кхераме яц.
- Мацалло б1арзвичи къиг а йоу.
- Десачу ц1а чу бух1а хоу, я шайт1а дог1у .
- Йиш олхазаро а локху, дикчу адмаша а локху.
- Олхазарна т1емаш оьшу, адамана хьекъал оьшу.
- Барзо локхуш ерг цхьа йиш ю.
- Пхьагал стешха елахь а хеса йоьду.
- Доьхьал борз ца кхетчи газа хьаьжц1а яхана.
- Чано шен к1орни яан дог хилча ченала хьакхийна.
- Дукха а ю хьакхарчий, хьуьнан хотеш кегош, цхьаъ бен яц гила борз жан мотт бохабо цо.
- Хьозано, ц1ий ма к1езиг дог1у хьох аьлча, шен са ма-дарра дог1у шех ц1ий а, аьлла.
- Садайчи къиг а йоьрзу ц1а.
- Цхьогало хьерахь, я хьаьттахь вовшахкхетар ду вайша аьлла цхьогале.
- Юьртаца къийсана борз яьхна яц, юрт яьхна.
- Дас хестийнчу эро цхьогал ца лаьцна.
- Хьозанна йоккха топ тоха ца оьшу.
- Бедана нека 1амо ца оьшу.
- Ладийг1анчу хьакхано хьаьжк1аш ца йиъна.
- Хиндолу хьоза бенахь декка.
- Ламанах бен ца долу леча.
- Шен бен ца беза олхазар 1овдал ду.
- Барзах теша елла 1иллахь.
- Хийрачу махкахь лечанах къиг олу.
- Чов хилла экха дера хуьлу.
- Къеначу барзо наб ца йо.
- Б1аьргех, бергех девза экха.
- Чаца гергарло таса, топ карара д1а ма хеца.
- Бух1ано наб йо, х1етте а котам го.
- Старехь санна ницкъ бу - хьозано дийриг а ца до.
- Чаца ма ловза хьошар ву хьо.
- Ча кхеро деъна эса.
- Хьоза жима ду, м1араш ира ю.
- Лечано дедда доьддушехь лоцу ижу, къийго хиъна 1ийриг а ца лоцу.
- Вон лелла уьстаг1 берзан бага боьду.
- Борз жан 1у яц, хьакха хуьсахо а яц.
- Къиг миччахьа яхчи а кхелхаш т1е хоу.
- Къиг лечанан кхача бу, пхьид къийган пхьор ду.
- Накха г1ург1езан санна бу, болар т1аусан санна ду.
- Ча санна партала ву.
- Ч1ерана хи деза, олхазарна стигал еза, адамана латта деза.
- И зу куьйгашца лаца лур яц.
- Барзах кхийринаг торсалах ведда.
- Чано м1араш теснарг юьхках а кхоьру.
- Лечанна къийгах кхерам ма тийса.
- Ж1аьла хьо х1унда лиэта? - Берзалой кхерош. - Ц1ога х1унда дижийна ахьа?- Берзалойх кхоьру со.
- Цхьогало ворх1 борз 1иэхайо.
- Къеначу цхьогало муц1арашца охку, лар ц1оганца д1айойу.
- Х1илланца лом а лацало, нуьцкъаца ц1оз а ца лацало.
- Эсала бара уьстаг1а, барзо биара.
- Хьажар цхьогалчух тера ду, амал берзачух тера ю.
- Цхьогал тиэбаш делахь, г1езаш чулахка.
- Цхьогал хилла чине ваьлларг, цу чинехь борз хир ю.
- Ахкийта елла хьакхийна муц1ар.
- Къийго ша бехбо шен бен.
- Ча санна к1елд1аша хьоьжу, цхьогал санна х1илланца веха.
- Ц1ир-ц1ир хьоза санна века.
- Бух1а санна хиъна 1а.
- Къена цхьогал къоначу эрне лаца лур дац.
- Топ кхеттачу лечанна къийго а з1ок етта.
- Къиг едда йоьдура, ж1аьла шен ц1оган т1ехь 1ара.
- Вон къиг вон 1аьха.
- Леча къийган бенахь товш дац.
- Далла бу хастам, хьакхина ма1а ца елла.
- Борз гондахьа хьийзахь уьстаг1ехь вон хьал ду.
- Барзаца доттаг1алла тесна говр ц1а ца еъна.
- Барзаца къийсанчу говран кхес, ц1огий дисна.
- Барзо а идийна, барзо а ядийна.
- Котамашна дукха тебначу цхьогалан ц1ога даьккхина.
- Т1ахъаьллачу динна барзо а х1ума ца до.
- Ц1ога доцуш къиг а хуьлу ирча.
материал предоставлен сайтом www.chechen.org
|